Государственное бюджетное образовательное учреждение "Республиканская школа-интернат для детей-сирот и детей, оставшихся без попечения родителей, № 2"

8-8712-33-27-70
shkola-internat2@bk.ru
9:00-17:00
 
 
 
 
 

Новости

Конкурс "Нохчийн мотт"

25.04.2018

24 апрелехь Веданара РОО-н белхалоша д1аехьира Нохчийн мотт безачарна лерина Конкурс. Дакъалоцуш яра Махкат1ерчу, Хоттанерчу, Элистанжарчу школашкара дешархойн 3 тоба. Программехь дара: шайн юьртара поэтийн стихаш ешар; дийнатийн, олхазарийн, ораматийн ц1ерш йовзар; омонимийн маь1на дар; дешнаш нийсаяздар. Къаьсттина самукъадолуш дешархой къовсабелира «Къона гочдархой» ц1е йолу номинацехь. Къорггера хаамаш гайтинчу дешархошна совг1атна Тоьшаллаш а, книгаш а елира.

        Конкурсехь толам баккхаран Тоьшалла жюрин сацамца Махкат1ерчу школера дешархошна кхечира. Биначу балхана реза а хилла, Конкурсан лаккхара мах хадийра дешархоша а, церан хьехархоша а: Ахиядова М., Гунакбаева З., Керкиева Я., Юсупов И.